Грозный-г1аларчу № 106 йолчу юкъараллин юккъерчу школан нохчийн меттан хьехархо Бергоева Аза Абдулаевна         22. 10. 2015шо.

«Хандешан х1оттаман сказуеми» ц1е йолчу урокан хьехархочо ша ен анализ.

Урок д1аяьхьира 8а классехь. Цу классехь 27 дешархо ву. Цаьрца ас болх бен кхозлаг1а шо ду. Бераш вуно дика кхетам болуш, дика доьшуш ду. Цу классера  74 % дешархо «4», «5» доьшуш ву.

Урокана кечйина презентаци яра. Ойла т1еерзо далийна кицанаш дара, церан классерчу к1ентан воккхахволчу вешин сурт дара. Суьрта т1ехь вайн мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Берсунькаев Мусан дашо мидал ло.

Урок йолалуш белхан шовкъ йолуш йолаелира. Дешархоша шаьш элира урокан тема а, х1иттийра 1алашонаш а. Ойла т1еерзо далийначу кицнашна а бира синтаксически таллам.

1амийнарг карладоккхуш бераш йийшира интерактивни уьн  т1ера предложенеш. Къастийра сказуемиш: хандешан цхьалхе сказуеми, ц1еран х1оттаман сказуеми схьа а олуш.

Хьехархочо керла тема йовзуьйтуш, дика ла а дуг1ура, х1иттийначу хаттаршна жоьпаш а лора.

Керла тема т1еч1аг1ъеш дешархоша суьртех лаьцна хандешан х1оттаман сказуеми юккъехь а йолуш предложенеш ялайора. Вовшашкала а дуг1ура, нийса жоп ца делча, шайга алийта олий, куьг айдора. Цхьайолчу хенахь шега хаттаре а ца хьоьжуш, жоп луш меттиг а йохура.

Хьехархочо масалин ялийна предложенеш уьн т1ехь а, шайн тетрадаш т1ехь а д1аязйира дешархоша.

Сада1аран минот яьхьира ловзаран кепехь.

Шишшаммо бен болх бира, цхьана кехат т1ера шен вариант предложенеш схьаязйира.

Шаьш бинчу белхан мах дешархошка шайга хадабайтира.

Урокехь тайп-тайпана болх бира.

Пхеа б1ог1амехь долчу дешнийн юкъара дош лохуш бина болх а бара мехала.

Массо а муьрехь 1амийнарг т1еч1аг1дора.

Дешархой шаьш х1иттийначу 1алашонашка  кхаьчна аьлла хета суна.

Айса оцценкаш к1езиг ехкина аьлла а хета.

Категории

Последние записи в блогах

27 Августа 2017
Цхьаьнакхетар