Главная » 2016 » Сентябрь » 6 » Цхьаьнакхетар
11:43
Цхьаьнакхетар

Цхьаьнакхетар

    Юха а август баттахь Соьлжа-г1аларчу №106 йолчу юкъараллин юккъерчу школехь цхьаьнакхетар хилира Нохчийчуьра нохчийн меттан хьехархойн. Теркйистера Цуцаев 1алавди, Мачаева Зарета, Дашаева Шовда, Момуева Дагман; Зандкъара Авдарханова Тоиса; Ачхоймартановски к1оштара Кубаева Мадина, Дадаева Зараъ; Цоци-юьртара  Гучигова Мадина; Аьхканчу-Барзера Ташаев Джохар; Соьлжа-г1аларчу школехь болх беш болу хьехархой: Давлетукаева Пет1мат («СОШ № 61»), Исакова Бирлант («СОШ № 8»), Исмаилова Раиса («№ 34»), Езидова Меди («СОШ № 60»).

   Дийца дуккха х1ума дара: дешаран шо д1а муха делира, экзаменаш муха елира, х1ун тайпа халонаш дуьхьал х1иттира? Вовше марзо а уьйцуш, дагар а дуьйцуш 1ийра тхо. 1алавдис ша т1аьххьара язйина байташ йийшира. Цхьа шатайпа хат1 долуш ю цуьнан байташ. Массара а хазахеташ т1еийцира уьш. Вовше шаьш х1иттийна планаш а, урокан коспекташ а елира. Иштта цхьаьнакхетар кхин д1а а д1акхехьа барт бира.

 

 

 

Просмотров: 831 | Добавил: wmaster95 | Рейтинг: 5.0/2
Всего комментариев: 0
avatar

Категории

Последние записи в блогах

27 Августа 2017
Цхьаьнакхетар