Цхьажимма сайх лаьцна

 

 

          Со дуьненчу яьлла 23-чу феврвлехь 1963-чу шарахь Хьалха-Мартант1ехь (Урус-Мартан). Жима йолуш дуьйна сан нанас марзбинера суна хьехархочун болх. Цо гуттар а олура Далла гергахь а, нахана гергахь а сийлахь болх бу хьехархочун болх олий. 1980-чу шарахь, итт класс  чекхъяьккхича, 1-чу октябрехь тхан ишколан директоро, Джанаралиев Али Якубовича, балха кхайкхира соьга. Цхьа хьехархо декретни отпуске йоьдуш яра, оццу ханна балха эца аьлла заявлени яздина еара со. Ас кхиамца дешна яра Урусмартановски № 3 йолу школа. Доьшучу хенахь председатель учкома яра со. Дукхахдолу харцхьалелаш долу бераш сох озалора. Х1ора баттахь хуьлчу заседанехь уьш чу а кхойкхи, церан ледарлонаш юьйцура. Шайн нийсархошна хьалха юьхь1аьржа ца х1итта, уьш ларлора шолг1а заседани кхачарх. Ас даггарчу баркаллица дагалуьйцу цигахь болх бина хан. Дикка балхах кхетийра со Габзаева Малика Кукуевнас, юьхьанцара школан завуч яра иза.

            Дуьйцуш дуккха а хеза вайна: «Коммунистийн 1едал долуш нохчийн мотт ца 1амбойтур», бохуш. Ма бакъ дац иза! Суна дагадог1у тхуна уроке кест-кеста директор вог1уш хилла: физикан, географин, нохчийн меттан урокашка. Нохчийн мотт хьехаран хьал кхийолу предметаш хьехар санна дара. Университетехь деша атта хилира суна, нохчийн мотт тхан хьехархоша дика хьехна хиларна.

            Котар- Юртахь № 2 йолчу ишколехь болх бина ас оьрсийн мотт хьоьхуш. Цигахь нохчийн мотт хьоьхуш вара Абдулаев Леча. Ас баркаллица дагалоьцу и хан а, х1унда аьлча сох хьехархо хуьлуш дуккха а дика х1умнаш 1емира сунна цигахь.

           1988-1992 шерашкахь Астрахански областера Зензели олучу станцехь 1ийна тхо. Ц1ийнда Могилевски школа милици чекхъяккхича цига хьажийнера. Школан юххехь йолчу интернатехь воспитатель болх бина ас. Ткъех къомара бераш дара цу станцерчу ишколехь доьшуш. Массара а буьйцург оьрсийн мотт бара. Къаьсттина дукха бара цигахь г1алмакхой. Дера бацара шайн мотт а буьйцуш-м. Шайн къоман ц1ераш а яцара церан: Иванов Петр Васильевич, Сидорова Анна Ивановна. Суна царех ч1ог1а къахийтира, шайн мотт а, шайн къоман г1иллакхаш д1адевлла нах бара уьш. Ас сайн дагчохь ч1аг1о йира: Дала мукълахь, сайн мотт д1атосур ма бац ас, массо меттехь, со йолчохь и ц1ена а, хаза а буьцур ма  бу, и кхиорехь болх а бийр бу аьлла.

         Вай нохчийн т1екхуьу чкъор дешна хилар доккха маь1ан долуш ду аьлла хетта суна. Х1унда аьлча х1окху т1аьххьарчу б1е шарчохь дуккха х1умнаш т1е1иттаделла вайн къам зуьйш. Олуш ду: цкъа а лийр воцуш санна 1илма лаха, кхана лийр волуш санна Далла 1амал е. Дешна стаг лакхара ву цадешначул а. Бакъду, вайн цхьадолчу берашна лаа-м ца лаьа деша. Церан дешарца шовкъа хуьлуьйтуш волу хьехархо ву-кх дика хьехархо. Мел аьлларг ца дахь а, мел вон лелахь а дений-нанний шен бер дукхадеза. Иштта хьехархочунна а веза шен дешархо. Уьш безаш ца хилча, цаьрца болх бан лур бацара. Ас ишколехь болх бен 35 шо ду, царех т1аьххьарлера 15 шо Грозный-г1аларчу Юкъараллин юккъерчу № 106 йолчу ишколехь болх бен а ду. Вайн махкахь хьовха, деригге а дуьненахь бакхий хийцамаш хилла хан ю иза. Ала деза нохчийн мотт хьехарехь дуккха аьттонаш х1инца хиларх. Массо а берехь 1аматаш ю, дешаран оьшуш болу г1ирсаш бу. Дагадог1у, 2000-чу шарахь цхьаллиг цхьа книга а йоцуш оха болх беш хилла. «Даймохк» газета т1ера цхьацца предложенеш язъеш, церан синтаксически а, морфологически а къастам беш д1ахьора оха урок. Книгаш яцар аьлла ца 1аш, цхьа а минот эрна ца йохуьйтуш, болх бора. Аьчканекъан пхьалг1аш дечу, т1амо йохоза буха йисинчу, цхьа готтачу г1ишло чохь доьшуш доллушехь, кхиамаш бохура тхан школерчу дешархоша 1илма 1аморан олимпиадашкахь: физика, хими, географи, нохчийн мотт, истори иштта д1а кхин а. Яздархошца цхьанакхетарш а хуьлура.

       Керла школа схьайиллачхьана дуьйна х1ора шарахь, нохчийн меттан Де лерина кхузахь хуьлу вайн махкара г1арабевлла яздархой, 1илманчаш, къаной: Арсанукаев Шайхи, Саракаев Хьамзат, Дудуев Муса (Дала гечдойла царна), Вагапова Асет, Дудаева Белкъис, Абдулаев Леча, Ахмадов Муса, Айдамирова Машар, Ярычев 1умар, Тимаев Ваха, Барзанкаев Аслан, Магомадов Билал, Бисиев Муса иштта д1а кхин а. Ч1ог1а мехала ду и тайпа цхьанакхетарш. Нохчийн матте болу безам сабаккха, цуьнца шовкъа хилийта кхойкхура ас уьш тхайга. Уьш д1абаханчул т1аьхьа хийла дешархочо шаьш нохчийн маттахь язйина байташ, сочиненеш, туьйранаш дахьара суна. Цхьаерш Республикан газеташ т1ехь а, журналаш т1ехь а зорбане а йовлура: «Даймохк», «Наша школа», «Стела1ад», «Нана».

          Ас дозалла до айса 1амийначу бераша тайп-тайпанчу къовсадаларшкахь тоьлла меттигаш яьхча: олимпиадашкахь, дешархойн 1илманан конференцешкахь, нохчийн меттан Де лерина г1алахь д1ахьош йолчу мероприятешкахь.  

 

Аналитическая справка

о профессиональных достижениях учителя чеченского языка и литературы

Категории

Последние записи в блогах

27 Августа 2017
Цхьаьнакхетар