Главная » 2017 » Август » 27 » Цхьаьнакхетар
20:45
Цхьаьнакхетар

 

  

Августан 12-чу дийнахь Грозный-г1алахь  Айдамиров Абузаран ц1арах йолчу Халкъан библиотекехь д1адаьхьира нохчийн меттан хьехархойн рог1ера цхьаьнакхетар. Х1инца кхозлаг1а хилла и тайпа цхьаьнакхетар, хьалха шоззи а г1аларчу № 106 йолчу школехь хилира. Хьехархой еригге а Нохчийчуьра хилла а ца 1ара, иштта Дег1астара баьхкина нохчийн мотт хьоьху хьехархой а бара, дешаран а, 1илманан а министерствера Каимов 1абдурохьман, ЧИПКРОра Муцаев 1иса а вара цигахь дакъа лоцуш.

Дийцаре дира дешаран хьал: «сахьтех» лаьцна, 1аматех лаьцна. Каимов 1абдурахьмана хьехархоша деллачу хаттаршна жоп а луш, вуно ч1ог1а мехала къамел дира.

Хьехархоша дозаллица дийцира 9-чу классерчу дешархоша нохчийн меттан экзамен кхиамашца д1аелла хиларх лаьцна. Цу кхиаман доккхах долу дакъа цхьа барт хилла хьехархоша бина болх лору, х1унда аьлча цу тобан юкъарчу почти т1е хьехархоша шаьш х1иттийна КИМаш йохьуьйтура, болх муха бича дико хуьлу хьоьхура. Мало ца еш, нохчийн маттана 9-чу классехь билгалдаьккхина цхьа сахьт бен доццушехь, хьехархоша урокаш д1аевллачул т1аьхьа болх бора цаьрца: эхь ду вай вешан ненан меттан экзамен д1а ца лахь, бохуш. Тоьллачу хьехархоша иштта юкъарчу почти т1е язйой тезисаш йохкуьйтар: даймахках, къонахаллах, безамах, ларамах, оьздангаллах, нохчаллах лаьцна.

Иштта Дег1астара баьхкинчу хьехархоша дийцира шайн школехь нохчийн мотт хьехаран хьолех лаьцна, цигахь «сахьташ» кхин а к1езиг хилар хаийтира. Шайн 1ер-дахарах лаьцна дуьйцуш самукъане къамелаш дира. Хасав-Юьртарчу Татаева Хьурмата ша язйина цхьа башха хаза байташ йовзийтара. Дег1астара баьхкина хьехархой бу: Татаева Хьурмат, Эзербиева Нажабат, Сайдуллаева Аминат, Арсланалиева Тамила.

Нохчийчохь ц1еяххана вевзаш волчу Цуцаев 1алавдис йийшира шен байташ, къаьсстина хазахийтира «До1а» бохург. Майртуьпарчу Хожаева Ровзана йовзийтар шен корматалла, ша доккха пох1ма долуш хиларе терра, деш долу къамел а дора цо байт йоьшуш санна. Иштта къона белахь а, Нохчийчохь бевзаш болу поэташа Даудов Гиланис, Исраилова Луизас йовзийтар шайн байташ а, дийцарш а.

Мел дукха 1ерах а к1ордор доцуш, шовзткъе итт хьехархо д1асакъаьстира шарахь шозза вовшах кхета барт а бина.

Бергоева А.А.

 

 

Просмотров: 1343 | Добавил: wmaster95 | Рейтинг: 0.0/0
Всего комментариев: 0
avatar

Категории

Последние записи в блогах

27 Августа 2017
Цхьаьнакхетар