Главная » 2017 » Май » 18 » Даймахках лаьцна
17:54
Даймахках лаьцна

Успанова Айша 10 класс

Нохчийн меттан хьехархо

Бергоева Айзан Абдилвахитовна

 

Даймахках лаьцна

 

Сан Даймохк! Сан ирс а, халда хьуна,

                                                                           Сайн дог хьох д1аэрца карийра суна!

(Сулаев М.)

 

Даймохк – ма хаза дош ду хьо лерсина хаза! Х1ун хир ду хьол хьоме, деза!? Вайн нохчийн г1арабевллачу яздархоша, поэташа  говзчу маттаца дукха яздина Даймахках лаьцна. Сулаев Мохьмадан «Лаьмнаш ца дицдо» роман т1ехь коьртачу турпалхочо олу т1аме воьдучу шен к1анте: «К1ант! –элира Товсолтас, – вай юха гой а ца хаьа Дела воцчунна! Аса сайн весет цундела хьалххехь д1ахоуьйту хьоьга. Адамана дуненчохь массо х1уманал дукхадезарг шен са ду, шен сил а дезарг – бер ду! Амма, хаалахь, берел а хьоме бу хьуна, Даймохк! Хьо лахь а, висахь а Даймахкана хьанал чекхвалар – сан уггаре а хьалхара весет ду хьоьга!»""

          И тайпа къамелаш гуттар а хуьлура тхан доьзалехь. Тхан нанас нохчийн къоман туьйранаш дуьйцура тхуна буьйсанна д1адийшош. Хийла г1енах гора хазачу дойшкахь шовдан коьртехь лаьтташ майра, каде к1ентий, хаза, оьзда мехкарий, лекха лаьмнаш, шайна чохь олхазарийн исбаьхьа эшарш йолу луьста хьаннаш. Даймехкан и исбаьхьа сурт тхайна гаре ч1ог1а сатесна хуьлура тхо.

Делан лаамца тхан дай, наний шайн кхаа бераца, 2000-чу шеран январь баттахь, вайн махкахь т1ом болчу хенахь, кхелхина дахна Истамбуле. Цигахь, 2000-чу шеран 6-чу августехь, дуьненчу яьлла со а, 2003-чу шарахь, сан жимах волу ваша Муслим а. Сан ши йиша а, ши ваша а ву. Дас а, нанас а дуьйцура тхуна нохчийн къоман 1ер-дахаран башхаллех, ламастех лаьцна. Воккханиг муха лара веза, жимачуьнца муха хила веза. Сол итт-цхьайтта шо баккхийрачу вашас, йишас дуьйцура марха достучу дийнахь шаьш х1ун леладора: хьала маца г1овттура, дехой болчу Тевзана, ненахой болчу Итум-Кхалле эхарх лаьцна. Ц1а ян сатосий хуьлура со.

Тхан чохь гуттар а буьйцура нохчийн мотт, хезара нохчийн мукъамаш. Сан да а, нана а «Орга»-хелхаран ансамблехь болх бина ду, ший а солисташ долуш. Университетехь цхьаьна дешна цара. Да филолог ву, нана-биолог. Оьрсийн мотт а 1амабора цара тхуна, ц1а даг1ча деша атта хилийта.

Апрель беттан 23-г1а де берийн де ду Истамбулехь. Сайн кхо шо долуш берийн бешахь дуьххьара дакъалецира ас оцу фестивалехь. Суна т1ехь яра нохчийн г1абали, ас динарг нохчийн хелхар дара. Дуккха а нах баьхкира соьга хьовса: цигара нохчий а, туркой а.

Тхан воккхах волчу вешин хьехархочо дийхира тхан нене шен дешархошна кавказера хелхарш 1амор. Тхан нанас 1амийначу тобано шозза а дакъалецира г1алахь хуьлчу берийн хелхаран къовсадаларшкахь. Жюрихь 1ачу цхьаммо хьала а г1аьттина, элира: «Кавказера хелхар деш йолчу тобан куьйгалхо мила ву? Х1инца шолг1а го суна уьш. Уьш гаре сатуьйсуш веара со кхуза. Ламанан аьрзунийн, суй богуш, ира хьажар долуш, кура кортош айъина к1ентий, хи т1ехула йог1учу г1ург1езан боларх, ах б1аьрнег1арш охьадахийтина зудабераш! Шу массо а сайца реза хир ву аьлла хета суна цу тобано хьалхара меттиг яьккхина аьлча! Церан хелхар хаза хилла ца 1а, церан милла а хьогур волуш, низам ду! Церан куьйгалхо ган лаьара суна!»

Ша бахьана долуш школан дирекорна цхьа хьовзам хиларна кхоьруш нанас элира тхан вешин хьехархочуьнга: куьйгалхо хьо ю ала, ас г1о дина эр ду ахь аьлла. Даррехь болх бан бакъо яцара тхан ненан, мух1ажар яра иза. Хонкара пачхьалкхан культурин министран хьалхара г1оьнча хиллера и хаттар делларг.

Цо дикачу метте балха х1оттийра тхан нана. Т1аьхьий-хьалхий тоьлла меттигаш яха йолийра нанас 1амочу тобано. Тайп-тайпанчу г1аланашка гастролашка эха дуьйладелира. Тхо дехачу г1алин Мэро шен куьйга грамоташ а елира, совг1аташ а дира тхуна, цхьаьний д1ах1иттина сарташ а дехира.

2014-чу шарахь ц1а дирзира тхо. Цигарчу культуран министро элира тхан дегий, неней д1а ма г1о, ша шу реза долуш болх нисбийр бу шуна аьлла. Эххар а, 1ийр доций хиъча, элира министро: «Тхоьгара х1ума т1е ца лоцуш, мелхо а шайн нохчийн кура амал, хаза г1иллакх тхуна а делла доьлху шу! Шайн даго ма-бохху аьтто хуьлда шун!»

Бегаш беш, тхан нендас олура тхоьга, шаьш санна, кхойтта шо даьккхи аш а Даймахках къаьстина, олий.

Сан Даймохк! Сан дай баьхна латта! Ма хазаду-кха ц1ахь! Суна хаьара туркойн мотт а, цигахь бара сан нийсархой а, сан да-нана, йиш-ваша а, делахь а, кху ц1ахь санна ирсе яцара со цигахь. Де-дийне мел долу талуш ду дахар, хазлуш ю г1аланаш, ярташ. Юха а доггаха ала лаьа суна:

Беза хьо, Нана-мохк

Дай баьхна латта.

Хьоьца ду сан ирс а,

Ас мел йо ойла…

Хьан дуьхьа  къахьега,

1ожал т1еэца

Ца луун долу к1ант

Дена ма войла!

                                                                                                  

Просмотров: 30894 | Добавил: wmaster95 | Рейтинг: 4.4/10
Всего комментариев: 1
avatar
1 saidovamakka8 • 19:23, 11 Марта 2024
класс
avatar

Категории

Последние записи в блогах

27 Августа 2017
Цхьаьнакхетар