Главная » 2017 » Февраль » 28 » Х1етал-металш
18:59
Х1етал-металш

Х1етал-метал хаийла хьуна: лахьо а ца терг, ласто а ца терг.

Х1етал-метал хаийла хьуна: д1а хьуна, схьа суна.

Х1етал-метал хаийла хьуна: мел дестарх а хе ца хьориг.

Х1етал-метал хаийла хьуна: аьхка шийла – 1ай йовха.

Х1етал-метал хаийла хьуна: дег1 чохь – корта арахь.

Х1етал-метал хаийла хьуна: букара яй чуьра кегий жаг1а.

Х1етал-метал хаийла хьуна: тоьхча, туьро ца хадориг.

Х1етал-метал хаийла хьуна: вайн бедана т1ера ах сискал.

Х1етал-метал хаийла хьуна: даима юу, цкъа а ца юзу.

Х1етал-метал хаийла хьуна: йохалла хадало, шоралла ца хадало.

Х1етал-метал хаийла хьуна: х1етало такхийна метал.

Х1етал-метал хаийла хьуна:йоьдуш – яьсса, йог1уш- юьзна.

Х1етал-метал хаийла хьуна: лаца т1ам а бац, х1отто бух а  бац.

Х1етал-метал хаийла хьуна: хи – дуьне, дуьне – эхарт.

Х1етал-метал хаийла хьуна: хи чохь беша т1улг.

Х1етал-метал хаийла хьуна: хьийзаш верстина к1ант.

Х1етал-метал хаийла хьуна: стиглахь куй а бисна вог1ург.

Просмотров: 13939 | Добавил: wmaster95 | Рейтинг: 3.9/17
Всего комментариев: 0
avatar

Категории

Последние записи в блогах

27 Августа 2017
Цхьаьнакхетар