Главная » 2017 » Февраль » 28 » Кицанаш
19:03
Кицанаш

Дешар – серло, цадешар – бода.

Шен ненан сий лардечо Даймехкан сий а лардийр ду.

Хало ца1евшинчунна атто евзина яц.

Еса х1ума ч1ог1а ека.

Палс ма-ббу хеца когаш.

Х1уманна мало ечо юьхь а цаваьлла юьлу.

Эхье вахарал хеназа валар тоьлу.

Аьхка мало йинчо 1ай хало хьоьгу.

Аьрзуно мозий ца лоьцу.

Б1аьсте т1аьхьайог1учу 1аьнах ма кхера, 1а т1аьхьа дог1учу гуьйренах кхера.

Г1иллакхца бен къонаха хилла вац.

Рицкъа хиларх пайда бац, иза хьаште хьовзо ца хаахь.

Сихалла – сонталла, собар – кхетам.

Вон дарах, олла ма ло, дика дарах, айа ма ло.

Яхь йолчу дагехь хьаг1 хир яц.

Ойла ца еш дош ма ала, аьллачул т1аьхьа хьайн дашна т1ера а ма вала.

Биъ ког болушшехь говр а йолу гал.

Просмотров: 2058 | Добавил: wmaster95 | Рейтинг: 5.0/1
Всего комментариев: 0
avatar

Категории

Последние записи в блогах

27 Августа 2017
Цхьаьнакхетар