Главная » 2016 » Февраль » 10 » «Нохчийн меттан хьехархой»
21:58
«Нохчийн меттан хьехархой»

Августехь Грозный-г1аларчу № 106 йолчу юкъараллин юккъерчу школехь цхьаьнакхетар хилира нохчийн мотт хьоьхучу хьехархойн. Хьехархой баьхкира Нохчийчуьра массо а маь11ера. Цуцаев 1алавди – Теркйистера, Ташаев Джохар – Аьхкинчу-Барзера, Дадаева Зараъ – 1ассистера, Тозабаева Тамара – Гудурмесера, Абдулхамидова Лиза – Шелара, Хачукаева Киса – Мартанчуьра, Бисултанова Лиля – Алдара, Байсултанова Пет1мат, Хасханова Седа – Суьйра-Коьртара, Давлетукаева Пет1мат – Катаямера. Ишшта баьхкинера Грозный-г1аларчу 1-чу гимназера  Эльмуратава Зулпа, № 27 школера Мусаев Хьамзат, № 63 школера Садулаева Айза.  Дешаран шо доладалале вовшех дагадовла а, ган а, марзо эца а 1алашо йолуш гулделлера тхо.

            Апрель баттахь НР дешаран а, 1илманан а профсоюзо д1аяьхьинчу къовсадаларшкахь девзина дара тхо. «Нохчийн меттан хьехархой» аьлла ц1е а тиллина ватсап чохь тоба кхоьллира массо а х1умана каде йолчу Шелара №9 йолчу школан  хьехархочо Абдулхамидова Лизас. 1аламате пайде х1ума а хиллера иза, х1унда аьча керла юкъадаьлла х1ума оцу дела сохьта массарна а хаьара. Тоьллачу иттана юкъа яханчу Фрунзенски школера Мачаева Зарета, ша ИКТ куьйгалхо хиларе терра, керлачу технологица кечйина урокаш йохкуьйту ватсап чу. Тхуна массарна а г1о хуьлу цо баийтинчу г1ирсех.

          Оцу тобанехь 55 декъашхо ву. Цу дийнахь веънарг пхийтта хьехархо бен ца хиллехь а, ч1ог1а мехала хилар цхьаьнакхетар. Хьошалг1а кхайкхина яра «хьехархойн хьехархо» аьлла ц1еяххана йолу Вагапова Асета а, сан доттаг1 яздархо Айдамирова Машар а. Ч1ог1а мехала къамелаш дира оха цу дийнахь. Грозный-г1аларчу № 27 школера веанчу  Мусаев Хьамзата хаийтира 9-чу классехь хьалхара ахшо халкъан барта кхоллараллина д1адаларна ша реза цахилар. Нохчийн г1иллакхашца дог1уш доцу х1умнаш цу т1ехь хилар а. Иштта цо Александр Казбеги кхолларалла программа юккъера д1а а яьккхина дешархошна шаьш еша елча тоьаш хир яра элира. Цу хьокъехь Вагапова Асета элира х1ора школан МО бакъо ю дешаран шо доладалале шайна нийса хеташ йолу произведенеш юкъаялош план х1отто. Масала: 13-чу б1ешеран дахар, адамашна юккъехь долу г1иллакхаш гойтуш ю Айдамирова Машарин «Лаьмнийн х1айкал» ц1е йолу повесть а, иштта кхиболчу нохчийн яздархойн говзарш а. Машара шен дех лаьцна деллачу хаттаршна жоьпаш а делира, ша совг1атна еана ши книга елира  Давлетукаева Пет1матна а, Цуцаев 1алавдина а. 1алавдис шегара шен байташ т1ехь йолу «Стела1ад» журнал делира Машарна, т1е байт а язйина:

«Делан лаам – хан д1алуьсту

Малх схьакхетар – д1абузар.

Адам д1адов, яха юьсу

И сийлахь ц1е АБУЗАР»

 

      Самукъа массера а делира: бухарчу № 106 йолчу хьехархойн а, т1ебаьхкинчу хьешийн а. Тхан директор йолчу Арсанукаева Маринас элира ша хьоьгу хецна ненан маттахь къамел дечарех. Ша доьшучу хенахь нохчийн мотт ца хьехарал совнаха, нохчийн маттахь къамел а ца дойтура.

       Тхан школехь оьрси мотт хьоьхучу сан накъоста Дельмиханова Раисас элира: шен дай-наний Казахстанера ц1а боххушехь Грозный-г1алахь севцца, ша г1алахь дешна, делахь а чохь нохчийн маттахь бен къамел ца дойтура шайга. Сарахь ворх1алг1ачух ах даьлча радиочухула нохчийн концерт хуьлура, шаьш кхо йиша кехат, ручкий оьций охьаховшура эшаран цхьацца мог1а д1аязбан.

      Школашкахь хьоьхучу нохчийн меттан сахьташна эшам барах лаьцна а дийцира. Сайна хетарг элира аса а: хьехархочо ба ма безза болх бахь  нохчийн маттана лерина и цхьа сахьта а тоьур ду 9-чу классехь. Физикан, химин, алгебран эшам а беш и сахьт т1етухийла дац вайн, дуьненан еъа маь11е кхочучу нохчочун массо а 1илма хаа деза.

     Нохчийн меттан хьехархой боцурш а бу тхан тобанехь. Курчалойра Алисултанова Миланина беза нохчийн меттан хьехархой а, нохчийн маттаца бала берш а. Цо кху чу оха доуьйтучу сартех нохчийн хазачу мукъамца клип кечйо. Ша г1ала я-м еънера, делахьа хьехархо йоцчу кхо х1ун леладо аьлла хетар ду аьлла тхох схьа ца кхийтира ша элира цо соьга. Иштта тхан тобанехь бу вайн Республикехь бевзаш болу яздархой, поэташ: Дадаев Гилани, Петирова Пет1мат, Исраилова Луиза, Багаев Акраман, Исхан, иштта д1а кхин а. Дала мукъ лахь тхо кхин а цхьаьнакхета лерина ду. Дийца дезаш дуккха а ду. 

Просмотров: 3256 | Добавил: wmaster95 | Рейтинг: 4.7/11
Всего комментариев: 0
avatar

Категории

Последние записи в блогах

27 Августа 2017
Цхьаьнакхетар