Главная » 2018 » Январь » 10 » Нохчийн мотт – ненан мотт.
22:35
Нохчийн мотт – ненан мотт.

Нохчийн мотт –  ненан мотт.

Х1ун ду ненал хьоме а, деза а!? Нана санна, беза а беза, ларбан а беза шен ненан мотт! Нагахь 30-40 шо хьалха коммунизм кхуллуш ду, массо а нехан цхьа мотт хила беза бохуш, шен къоман мотт ма бийца бохуш хиллехь, тахана вайга и бийца боху. И йоккха маршо ю! Вайн мехкан куьйгалхоша хаза неха санна болх бу нохчийн мотт дика хьехарехь а, кхиорехь а, бийцарехь а беш. Арахуьйцуш ю нохчийн маттана лерина 1аматаш, пособеш. Кегийчу берашна лерина дуккха а киншкаш ю, хазчу басаршца кечйина а йолуш. Бийца, ларбе, кхиабе хьайн мотт! Сиха йоьдучу заманчохь дуьненчохь хуьлчу хийцамашна т1аьхьакхиа веза, амма хьайн мотт ларбан беза.

Цкъа а ца хиллачу кепара сиха кхуьу 1илма. Керла электрони х1умнаш ю юкъаюьйлуш. Ца лелош хилча х1уман т1е чан юьллий, юху, зарзайолу, мекха юу. Чохь ца 1ийча ц1енош а сиха тишло. Ца бийцича мотт херло. Цундела бийца беза нохчийн мотт, х1ора дийнахь шен 1алашо а х1оттийна еша еза 5, 10, 30 аг1о нохчийн маттахь. Дечу къамелехь пайда эца деза диттийн, олхазарийн, сагалматийн, даьхнийн, кхийолчу х1умнийн ц1ершах. 1илманчаша керла юкъадаьккхина дош бага дерзо деза. Йовзийта еза вайн махкара ярташ, лаьмнаш, шовданаш, к1отарш, хиш. Бийца беза турпалхой, 1илманчаш. Довзийта деза тайпанаш, тукхамаш. «Орга», «Вайнах» журналашка вазвала веза, иштта «Даймохк» газете а.

И шадериг а нохчийн меттан хьехархойн дукъ т1ехь хилла 1ен ца деза. Тайп-тайпанчу хьукматийн хьаькмаша шайн белхалошка а бийцийта беза нохчийн мотт. Тахана вайна юккъехь наггахь бен ца хаало кхечу къомара стаг. Мелхо а т1евеънарг декхарийлахь ву вайн мотт 1амо. Иштта дан а ду иза. Ас болх бечу школехь диъ-пхиъ бер дара кхечу къомара: оьрсий, гуьржий, г1азг1умкий. Берашна юккъехь дукха сиха 1емира царна нохчийн мотт.

Даймахках къаьстина хан яьккхинчу вайн яздархоша Мамакаев Мохьмада, Мамакаев 1арбис, Сулаев Мохьмада, Ошаев   Халида, Сулейманов Ахьмада, Гадаев Мохьмад-Салехьас, Айдамиров Абузара, кхечара а шайн говзарш т1ехь говзачу маттаца дукха хестийна вайн мотт а, мохк а. Кхачацалун шовда ду церан говзарш!

Сан дагчохь гуттар а дека Абузаран х1ара дешнаш:

Беза хьо, нана-мохк,

Дай баьхна латта!

Хьоьца ду сан ирс а,

Ас мел йо ойла.

Хьан дуьхьа къахьега,

1ожал т1еэца

Ца луун долу к1ант

Дена ма войла!

 

 

Нохчийн мотт – и ненан мотт бу.

Х1ун ду ненал хьоме а, деза а!? Нана санна, беза а беза, ларбан а беза шен ненан мотт! Нагахь 30-40 шо хьалха массо а нехан цхьа мотт хила беза бохуш, шен къоман мотт ма бийца бохуш хиллехь, тахана вайга и бийца боху. И йоккха маршо ю!

Х1ора дийнахь шен 1алашо а х1оттийна еша еза 5, 10, 30 аг1о нохчийн маттахь. Дечу къамелехь пайда эца деза диттийн, олхазарийн, сагалматийн, кхийолчу х1умнийн ц1ершах. 1илманчаша керла юкъадаьккхина дош бага дерзо деза. Йовзийта еза вайн махкара ярташ, к1отарш, хиш. Бийца беза турпалхой, 1илманчаш.

И шадериг а нохчийн меттан хьехархойн дукъ т1ехь хилла 1ен ца деза. Тайп-тайпанчу хьукматийн хьаькмаша шайн белхалошка а бийцийта беза нохчийн мотт.

 

Просмотров: 1884 | Добавил: wmaster95 | Рейтинг: 5.0/1
Всего комментариев: 0
avatar

Категории

Последние записи в блогах

27 Августа 2017
Цхьаьнакхетар