Главная » 2016 » Февраль » 11 » Сан дозалла ду хьо – Дада
12:43
Сан дозалла ду хьо – Дада

Сан дозалла ду хьо – Дада

 

 

     Ас гуттар а дозалла дина сайн дех. Дозалла дан хьакъ долуш вара иза. Оха 1адада олура цунах.  Кху дуьненчохь иза воцу (Дала гечдойла цунна) шовзткъа шо ду, делахь тхо вовшех моссаза кхийти, цунах лаьцна ца дуьйцуш, иза ца хьахош ца 1а тхо. Иза ца хилла я инарла а, я 1илманча а, я яздархо а, я воккха хьаькам а. Иза вара тхо итт доьзалхочун: шина к1ентан, барх1 йоь1ан Да.

       Шийтта шо кхачаза яра со иза бакъдуьнене  д1авахча. Сан ойланехь гуттар а оьзда, дика, хьекъале, комаьрша, майра, собаре, къинхетаме хилла висна иза. Дагадог1у цо сайна «Бисмалла», «Атхьаг», «Къулха» 1амийна. Мартант1ехь эвлайистехь 1аш ду тхо. Со жима йолуш Роьшна-хи кест-кеста дестий дог1ура, дог1а деъча. Цо гуттар а говрахь воьдий хил дехьа йисна  бежнаш сехьа йохура. Хино охьадаьхьча, т1ай цо юха туьллура. Кхин а дагадог1у суна цо шен ворданахь бахьий жаг1а а бухкуш, некъаш тодина. Эвххьаза цуьнгара говр-ворда йоьхура тхан лулахоша шайн хьашт хилча. Шега балучу хенахь бен ца бо нахана дика болх, олура цо. Сарахь тхо лечкъаргех ловзуш, геннара тхешан ден вордан г1овг1а хезий, дуьхьал довдура тхо «1адада вог1у! 1адада вог1у!» олий. Тхан юккъехь мел долу берийн сур 1ададин вордан т1е хаа лууш хуьлура, кхин а ворданаш йоллушехь. Тхан уьйт1ахь кемсин раг1у дара. Тхан дас йохий, кемсаш лора тхуна, тхаьшна яха лиъча, буха ворда а тоттий, т1евала яьщка х1оттайора. Некъаца стоьмийн дитташ дуг1ура цо  саг1ийна, т1ера стом  нахе баийта, олий. Шовзткъе барх1 шарахь лаьттара цо д1адоьг1на б1ара оха а, наха а рицкъ оьцуш. Цо гуттар а пайхамарех, эвлаяэх лаьцна хабарш дуьйцура тхуна. Дешначу нахаца ч1ог1а ларам бара цуьнан.

         Ша дукха жима волуш висна иза да-нана делла. Цуьнан цхьа а йиша а я ваша а ца хилла. Вайн махкахь граждански т1ом болчу хенахь, 1919-чу шарахь, вина сан да Висханов 1абдул-Вахьаб. Массара а санна хало а, мацалла а лайна цо. Цо къаьсттина ч1ог1а: да-нана, йиша-ваша доцуш, доглаза стаг воцуш, шен доьзална а дан х1ума доцуш йисначу девешин зудчух тешна висан. Де-дийне мел долу г1еллуш, эшалуш волу шен вешик1ант гича, ц1а а еана, дейишас лелийна иза.

            1944-чу шарахь, махках дохуш, хи эца ц1ерпоштан т1ера охьавоьссинчохь шен дейишех къаьстина барх1 бутт хан яьккхина цо ца бевзачу, хийрачу нахаца. Цигахь к1а а, мукх а тосуш болх беш хилла иза. Ша ц1а моссаза вог1у, цхацца буй хиллал ялта дохьуш хилла цо, г1овтал чухула белшах тесна жимачу тоьрмагаш чохь. Цхьана казахо мотт а тоьхна, и лаца т1аьхьабевллачарах ведда, к1елхьараваьлла иза. Ша 1ачу х1усаме а ца воьдуш, вехха лелла иза. Сахуьллучу хенахь вахна д1акхаьчча, х1усамдас т1оьрмаг чохь кхунна яа сискал а, мекхан хьокхам а белла, новкъаваьккхина, хьайн нах лаха, кхузарчу 1едало лацахь, хан тухар ю хьуна, аьлла.  Иза т1аьххьаре а шен дейишех д1акхетта.

       Мартант1ехь ц1ейоккхуш хиллачу юьртан къеда волчу 1абдалг1ани х1усамехь 1ийна хилла иза цу барх1 баттахь. Сан да валлалца хазанеха санна мерза гергарло лелийра цара.

      Мел ч1ог1а харцо, хало лайнехь а, оьг1азе я дера вацара иза. Цо хастам бора массо а х1уманна. Хууш ма хиллара, нохчашна ч1ог1а веза к1ант. Сан дена а везаш хилла хир вара иза. Делахь а, цо шен доьзалехь йо1 дуьненчу моссаза йолу олура бах: «АлхьамдулилЛах1! Хастам бу Хьуна, Везан Дела, Ахь, цхьа а сакхт доцуш, могуш доьзалхо валарна!»- олий. Тхо барх1 йишех цхьа а яц я Сацита, я Тоита! Мелхо а т1аьхь-т1аьхьа йинчунна хаза, еза ц1е туьллура цо. Иштта ю тхан ц1ерш: Минга, Ваба, Ваид, Асет, Раиса, Айзан, Марьям, Амнат, 1айшат, Пет1мат.

        Ша школехь ца дешнехь а, оха доьшийла ч1ог1а лаьара цунна. Цо ша-шена 1амийнера йоза-дешар. Дуьненчохь хуьлчу массо а х1уманан дуьхе кхиа г1ертара иза. Химически къоламца хазчу хот1аца цо яздина йозанаш ду ас ч1ог1а лерина лелош. Цу т1ехь ду яздина: туьрко, акказино заза маца даьккхина, г1арг1улеш бовхачу махка д1а маца яхана, дуьххьара ло маца диллина, марха маца даьстина, г1урба маца дина, иштта д1а кхин а.

           Таханлерчу дийнахь цуьнан итт доьзалхочух цхьаъ вац: цуьнан шолг1а к1ант Ваид (Дала гечдойла цунна).

       Дуьненчохь ша, цхьа п1елг санна, цхьаъ висанчу тхан де итт доьзалхочун ткъе берх1итта доьзалхо ву, (царех цхьаберш шайн кхин а т1аьхьенаш йолуш бу). Царех цхьайтта хьехархо ву: нохчийн меттан а, математикан а, физикан а, химин а, историн а, географин а, ингалс меттан а; виъ Хьафиз ву; пхиъ вайн мехкан г1ароллехь лаьтташ ву.

     Дуьненан даьхни ца дитнехь а, шеха яккха хаза ц1е йитна цо. Ас хастам бо Везчу Далла сайн иштта да хилла хиларна! Дуккха а хан д1аяьлла иза воцу, со а ю берийн бераш долуш, делахь а, х1инца а вонехь-дикнехь вовшахкхетча, цунах дийца дуккха а диканиг хуьлу нехан.

       Со нохчийн мотт хьоьхуш ю Грозный-г1аларчу № 106 йолчу юкъараллин юккъерчу школехь. Хууш ма хиллара, цхьадолу  бераш аьрха ду: урок д1аяхьа ца юьтуш г1овг1а еш, харцахьа лелаш. Ахь аз айдина дов дарх пайда к1езиг хуьлу, «шиъ» дилларх кхин г1оле ца хуьлу, ас т1аьхьарчу заманахь лохачу озаца бехк боккхуш олу бере: «Хьажахь, Хьенех, х1инцца ворх1-барх1 шо даьлча хьан к1ант харцахьа лела, школе вола аьлча, х1ун ала волу хьо? Хьо дика лелара ала-м ца волу хьо? Хьуна ца лаьа хьайн к1анта хьайх дозалла дойла?!» Боккъалл а, ша зуда а ялийна воккха хилла сурт х1уттий, цунах там хуьлий, 1ад1а иза.

          Стохка, апрель баттахь, нохчийн меттан хьехархойн къовсадаларехь тоьллачарна юккъехь  хиллачу Цуцаев 1алавдис элира: «Ма тера а ю хьо хьайн дех, юьхь т1ера а, амалца а. Эвлаяъ санна, дика стаг вара хьан да, къамелана говза а вара. Цкъа эскаре дига гулдинчу берашна цо хьехам беш т1екхечира со. Массо а вара цуьнга леррина ладуг1уш, цхьа дагах кхеташ, хаза хьехам бира цо».

   Ма ч1ог1а хазахийтира суна цо аьлларг, цул доккха совг1ат хила йиш ярий!? Дуненахь уггар  доккха ирс хета суна  наха хьан да «бусалба дог долуш, оьзда стаг вара, комаьрша вара, къонаха вара» алар а, и ц1е ларъеш ваха хьан ницкъ кхачар а. Дала аьтто бойла вайн кху дуьненахь дика даржорехь!

Даржаш а, еза ц1ерш дуккха а ю,

Царалахь сийлахь ерг адамалла ю…

1адада, баркалла ас олу хьуна,

Дезаниг, сийлахьниг 1аморна тхуна!

 

                                                                              

Грозный-г1ала 12 январь  2016ш.   

Висханова Айзан   

Категория: Публикации | Просмотров: 2311 | Добавил: wmaster95 | Рейтинг: 5.0/8
Всего комментариев: 0
avatar

Категории

Последние записи в блогах

27 Августа 2017
Цхьаьнакхетар