Августан 12-чу дийнахь Грозный-г1алахь Айдамиров Абузаран ц1арах йолчу Халкъан библиотекехь д1адаьхьира нохчийн меттан хьехархойн рог1ера цхьаьнакхетар. Х1инца кхозлаг1а хилла и тайпа цхьаьнакхетар, хьалха шоззи а г1аларчу № 106 йолчу школехь хилира. Хьехархой еригге а Нохчийчуьра хилла а ца 1ара, иштта Дег1астара баьхкина нохчийн мотт хьоьху хьехархой а бара, дешаран а, 1илманан а министерствера Каимов 1абдурохьман, ЧИПКРОра Муцаев 1иса а вара цигахь дакъа лоцуш.
Дийцаре дира дешаран хьал: «сахьтех» лаьцна, 1аматех лаьцна. Каимов 1абдурахьмана хьехархоша деллачу хаттаршна жоп а луш, вуно ч1ог1а мехала къамел дира.
Хьехархоша дозаллица дийцира 9-чу кл
...
Читать дальше »