18:59 Х1етал-металш |
Х1етал-метал хаийла хьуна: лахьо а ца терг, ласто а ца терг. Х1етал-метал хаийла хьуна: д1а хьуна, схьа суна. Х1етал-метал хаийла хьуна: мел дестарх а хе ца хьориг. Х1етал-метал хаийла хьуна: аьхка шийла – 1ай йовха. Х1етал-метал хаийла хьуна: дег1 чохь – корта арахь. Х1етал-метал хаийла хьуна: букара яй чуьра кегий жаг1а. Х1етал-метал хаийла хьуна: тоьхча, туьро ца хадориг. Х1етал-метал хаийла хьуна: вайн бедана т1ера ах сискал. Х1етал-метал хаийла хьуна: даима юу, цкъа а ца юзу. Х1етал-метал хаийла хьуна: йохалла хадало, шоралла ца хадало. Х1етал-метал хаийла хьуна: х1етало такхийна метал. Х1етал-метал хаийла хьуна:йоьдуш – яьсса, йог1уш- юьзна. Х1етал-метал хаийла хьуна: лаца т1ам а бац, х1отто бух а бац. Х1етал-метал хаийла хьуна: хи – дуьне, дуьне – эхарт. Х1етал-метал хаийла хьуна: хи чохь беша т1улг. Х1етал-метал хаийла хьуна: хьийзаш верстина к1ант. Х1етал-метал хаийла хьуна: стиглахь куй а бисна вог1ург. |
|
Всего комментариев: 0 | |