Довзийтар

         Маршалла ду шуьга, доттаг1ий! Де-дийне мел долу талуш ду вайн дахар, хазлуш бу вайн мохк, дешархойн кхиамаш а алсам буьйлуш бу. Со йоккхае т1екхуьчу чкъорана керла технологи евзаш а, уьш кхечу махкахь бехачу шайн нийсархойл т1аьхьа ца буьсуш а. Ас хьоьхучу классашкахь масех дешархо ву стихаш язъяран пох1ма долуш. Иза суна боккха кхаъ бу, х1унда аьлча дахарехь цхьа меттиг д1алоцур ю аьлла хета суна цара. Жимачух хуьлу воккха а, х1ун хаьа царах вайн махкахь хьовха, дозанал арахь а ц1е йоккхуш яздархой я кхи тайпа 1илманчаш хуьлий а.

 

 


 

 

 Тхан школа

 

          Грозный-г1алахь уггаре а хазчу меттехь ю тхан № 106 йолу школа. Иза ю цкъа цхьана хенахь Крупски ц1арах культуран ц1а лаьттанчохь. 16-чу февралехь ялх  шо кхочу  тхан школа схьайиллина. Цунна гонахьа дийна къона дитташ ду. Ткъа жимма дехьа, Малхбузехьа, цхьана хенахь парк хиллачохь, ду т1амо дог1оза дисина къена дитташ: къахкаш, акказеш, базнаш, багнаш, акхтаргаш, хьехаш, кхидерш. Царна т1ехула кхиссалуш хуьлу ц1ога дусийна тарсалш.  Хаза  1алам ду оха доьшучу меттехь. Ахг1айре ала мегар ду цунах, х1унда аьлча  уллохула охьадог1учу  Соьлжа-хино гобаьккхина чуерзийна йолу дела. Кхозлаг1чу г1ат т1ера, нохчийн меттан кабинет корахула арахьаьжча го Суьйра-Корта, Малхбалехьа го керла  лекха ц1енош, х1урдан кемах  тера а долуш.  

 

 

 

 

 

Категории

Последние записи в блогах

27 Августа 2017
Цхьаьнакхетар