Хьалхарчу октябрехь Грозный-г1аларчу №106 йолчу юкъараллин юккъерчу ишколехь хилира нохчийн меттан хьехархойн рог1ера цхаьнакхетар. Гуьмсера а, Грозный-г1алара  а тайп-тайпанчу ишколашкара баьхкинера нохчийн меттан хьехархой. Еънера хьехархо-методист Чемирзаева  Яха а. Дийцаре дира нохчийн мотт хьехарца доьзна г1уллакхаш: х1ун халонаш 1иттаелла дешаран шо долалуш, х1ун нисло, х1ун ца нисло. Рог1ерчу цхьаьанакхетаран тема яра: «Ненан матте кхин а ч1ог1а безам а, шовкъ а хилийта х1ун дан деза?!» Массара а шен-шен хьехаран некъаш бийцира, керлачу технологица ша урок муха ло дийцира. Грозный-г1аларчу № 54 йолчу  юкъараллин юккъерчу ишколан нохчийн меттан хьехархочо Хаджимуратова Рукъията элира ша и бер хьаьстина, йоьхье даьккхича, и бер  кхин а дика хила г1ерташ жигара хьийза аьлла. «Цкъа а мукъа вита мегар вац дешархо, гуттар а лехаме белхаш байта беза цуьнга,»- элира №48 йолчу ишколера еанчу Кавраева Зояс. Чемирзаева Яхас дийцира шен балха т ... Читать дальше »

Просмотров: 652 | Добавил: wmaster95 | Дата: 10 Февраля 2016 | Комментарии (0)

Августехь Грозный-г1аларчу № 106 йолчу юкъараллин юккъерчу школехь цхьаьнакхетар хилира нохчийн мотт хьоьхучу хьехархойн. Хьехархой баьхкира Нохчийчуьра массо а маь11ера. Цуцаев 1алавди – Теркйистера, Ташаев Джохар – Аьхкинчу-Барзера, Дадаева Зараъ – 1ассистера, Тозабаева Тамара – Гудурмесера, Абдулхамидова Лиза – Шелара, Хачукаева Киса – Мартанчуьра, Бисултанова Лиля – Алдара, Байсултанова Пет1мат, Хасханова Седа – Суьйра-Коьртара, Давлетукаева Пет1мат – Катаямера. Ишшта баьхкинера Грозный-г1аларчу 1-чу гимназера  Эльмуратава Зулпа, № 27 школера Мусаев Хьамзат, № 63 школера Садулаева Айза.  Дешаран шо доладалале вовшех дагадовла а, ган а, марзо эца а 1алашо йолуш гулделлера тхо.

            Апрель баттахь НР дешаран а, 1илманан а профсоюзо д1аяьхьинчу къовсадаларшкахь девзина дара тхо. «Нохчийн меттан хьехархой» аьлла ц1е а тиллина ватсап чохь т ... Читать дальше »

Просмотров: 3228 | Добавил: wmaster95 | Дата: 10 Февраля 2016 | Комментарии (0)

« 1 2 3

Категории

Последние записи в блогах

27 Августа 2017
Цхьаьнакхетар