Беза, хаа хьайн ненан мотт
Кхераме дац суна мехаш,
Кхизачу зуламан ор а, -
Нохчийн мотт соьца мел беха,
Онда бу сан лаьттахь орам.
(Ахмадов Муса)
Мотт адамийн дахаран а, юкъараллин а, ойлаяран а, кхетаман а, хьекъалан а, 1илманан а, культуран а, искусствон а уггаре а сийлахь-йоккха хазна ю. Къоман мотт – ерриге а культуран онда бух бу. Дукха дийцина вайн нохчийн яздархоша, дешан говзанчаша, нохчийн меттан хазаллех, иза оьшуш хиларех лаьцна. Шовзткъа шо хьалха а г1араваьлла вевзаш волчу поэта Арсанукаев Шайхис аьлла: «Доьзалехь бийцар а дастаме хеташ, хьо винчу ненан мотт д1атесна ахь. «Сов къен бу дешнашна, бац атта кхеташ», - бохуш, и сийсазбан ца хетта эхь…» Юха яздо цо: «Йист йоцу х1орд санна, бу хьуна шорта ша хууш волчунна вайн нохчийн мотт!»
...
Читать дальше »