Главная » 2017 » Апрель » 6 » Сочинени: «Беза, хаа хьайн ненан мотт»
17:01
Сочинени: «Беза, хаа хьайн ненан мотт»

Беза, хаа хьайн ненан мотт

 

                                                                                  Кхераме дац суна мехаш,

                                                                              Кхизачу зуламан ор а, -

                                                                                          Нохчийн мотт соьца мел беха,

                                                                                     Онда бу сан лаьттахь орам.

                                                                                                       (Ахмадов Муса)

          Мотт адамийн дахаран а, юкъараллин а, ойлаяран а, кхетаман а, хьекъалан а, 1илманан а, культуран а, искусствон а уггаре а сийлахь-йоккха хазна ю. Къоман мотт – ерриге а культуран онда бух бу. Дукха дийцина вайн нохчийн яздархоша, дешан говзанчаша,  нохчийн меттан хазаллех, иза оьшуш хиларех лаьцна. Шовзткъа шо хьалха а г1араваьлла вевзаш волчу поэта Арсанукаев Шайхис аьлла: «Доьзалехь бийцар а дастаме хеташ, хьо винчу ненан мотт д1атесна ахь. «Сов къен бу дешнашна, бац атта кхеташ», - бохуш, и сийсазбан ца хетта эхь…» Юха яздо цо: «Йист йоцу х1орд санна, бу хьуна шорта ша хууш волчунна вайн нохчийн мотт!» 

              И т1аьххьарлера дешнаш тхан нохчийн кабинет чуьрчу уьн т1ехула тоьхна ду. Бан а бу вайн мотт г1иллакхе а, оьзда а, нуьцкъалла а, мерза а. Шен мотт ца безачунна шен къам а, мохк а безар бац. Цундела хаддаза ларбан беза, дола дан деза х1аллак ца хуьлуьйтуш, 1алашбеш схьабеанчу вешан нохчийн меттан. Вайн 1илманчаша ма-аллара, вайн халкъах вайна кхане а йолуш халкъ хила лаахь, уггар хьалха нохчийн мотт, олуш ма-хиллара, баьрчче баккха беза вай.

             Шен ага техкийначу ненан мотт даггара безаш, лоруш, цуьнан сий деш, иза шен синкхача хеташ волчунна цул доккха х1ума дуьнен т1ехь хуьлийла дац. Муьлххачу нохчочо – хьехархо, хьархо, йохкархо, дешархо, къано, кхиазхо – милла а и велахь а, шен ненан мотт хаза а, ц1ена а бийцарехь къахьега деза. Кхечу къомара цхьа а вог1ур вац хьуна хьайн мотт 1амо, и хьан хьайн г1уллакх ду. Йохьах вуьззина волчу нохчочо сий дан деза шен меттан. Ненан мотт ца хаьа алар дозалла хеташ цхьа хан хиллехь а, тахана и хаьа алар ду дозалла.

           Тхан школехь, оха кхойкхий, х1ора шарахь, апрель баттахь, нохчийн меттан Де лерина бог1ий хуьлу вайн махкара г1арабевлла яздархой, 1илманчаш, къаной. Иштта тхо долчохь хилла  Саракаев Хьамзат, Арсанукаев Шейхи, Дудуев Муса,  Вагапова Асет, Дудаева Белкъис, Абдулаев Леча, Ахмадов Муса, Айдамирова Машар, Ахматукаев Адам,  Ярычев 1умар, Тимаев Ваха, Барзанкаев Аслан, Магомадов Билал, Бисиев Муса иштта д1а кхин а. Марха досту де санна,  хаза хуьлу и де. Тхуна ч1ог1а хазахета и тайпана цхьаьнакхетарш, баьхкинчу хьешаша дуккха а пайдехь х1ума дуьйцу. Цул сов дешархоша тайп-тайпана нохчийн даарш дахьа, дуьйцу уьш муха кечдо.

          Тхан школехь кхечу къомара дешархой а бу. Молдованин волчу Шербан Мишас буьйцу нохчийн мотт. Школа чекхъяьккхина, университетехь доьшуш йолу оьрсийн йо1 Горечова Света йог1у кхуза сих-сиха. Цо школехь доьшуш дакъалоцура нохчийн маттахь байташ хаза йийцарехь, тоьлла меттигаш а йохура.

          Иштта Ахмадов Мусас кхайкхина тхо а хилла мосийттаза «Хаарийн б1ов» передачехь дакъалоцуш а. 1аламат дика хета тхуна цу передачехь дакъа лацар, х1унда аьлча дуккха а керла х1ума 1ема. Кечам беш вайн дахарехь ца дуьйцу дешнаш дуьйцу, масала, зезагийн, диттийн, бецийн, акхаройн, олхазарийн ц1ераш. Оьрсийн маттера гочйо истори, йоьшу исбаьхьа говзарш. Баккхийчаьрга хьалхалерчу дахарех лаьцна хоьттуш болх бо. Мотт кхиарехь а, ларбарехь а 1аламат мехала х1ума ду иза.

          Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана боху: «Ши эзар ворх1алг1ачу шарахь сан Указца диллина ду Нохчийн меттан де. Шуна ма-хаъара, хаддаза тхан тергамехь ду къона т1аьхье кхетош-кхиор, халкъан культура 1алашъяр. Х1ора шарахь д1ахьош ю нохчийн мотт 1амор, бовзар кхин а лакхадаккхарна т1ехьовсийна конкурсаш, фестивалаш, тайп-тайпана гуламаш, цхьаьнакхетарш, кхидолу вовшахкхетарш а.

           Вайна т1ехь 1аламат доккха декхар ду – нохчийн мотт 1алашбар а, кхиор а. Ларбе иза, т1екхуьучу т1аьхьене лерамца д1а а ло!»

            Нохчийн доьзалехь, цу доьзалан кхерч латтош оьзда х1усамнана мел ю, хьо бехар бу хьуна, х1ай нохчийн мотт.

Просмотров: 5426 | Добавил: wmaster95 | Рейтинг: 4.4/12
Всего комментариев: 0
avatar

Категории

Последние записи в блогах

27 Августа 2017
Цхьаьнакхетар