Главная » » Открытые уроки » Уроки
Хандешан х1оттаман сказуеми

Хьехархо Бергоева Аза Абдулаевна

Нохчийн мотт 8а класс 22. 10. 2015 ш.

Урокан тайпа:  Керла тема йовзийтаран, хаарш шордаран, кхиоран урок.

Тема: Хандешан х1оттаман сказуеми

1алашо: Хандешан х1оттаман сказуеми стенах олу кхетор, муха кхоллало       хаийтар.

Сказуемин тайпанаш къасто хаар, 1амийнарг карладаккхар, т1еч1аг1дар.

Дозуш долу къамел кхиорца ненан матте болу безам алсамбаккхар.

 

                         Урок д1аяхьар

I – ойла т1еерзор (Хьехархочун дош)

Де дика хуьлда! Тахана шун ойла т1еерзо дешнаш лоьхуш суна «Заманхо» журнал т1ехь цхьа сурт гира. Ас шуна гайта деана иза, иштта х1ара кицанаш а.

«Дешар – серло, цадешар – бода», «1илманан корта – хьекъал, хьекъалан корта – собар»

Х1ун тайпа сказуемиш ду кху предложенеш юккъехь дерш?                      Подлежащиний, сказуеминий юккъе тире йиллар х1ун бахьана ду?

        Хьовсал кху суьрте. Муьлш бу уьш? Суьрта т1ера Муса муха вевза вайна? (Дешархоша дуьйцу шайна хуург Мусах лаьцна) Иза Мехкадаьтта доккхучу университета студент вуйла а, 1исан ваша вуйла а хаьа шуна. Шуна хаьий цо т1ех дика школехь дешарна цунна дашо мидал еллийла вайн мехкан куьйгалхочо? Иза студет а волуш кхузза Европехь хиллийла: Голландехь, Швецехь, Италехь? Иза хинволу архитектор ву. Цо бина белхаш дика а лерина, Риме боьлхучу тобанца кху аьхка вигнера иза. Хьоме дешархой, дешар серло ю шуна! Дешна стаг оьшу массанхьа а. Дика дешалаш!

Д1аяханчу урокашкахь стенах лаьцна дийцира вай? (сказуемих лаьцна)

Х1ун тайпа сказуемиш хуьлу? (хандешан цхьалхе, ц1еран х1оттаман, хандешан х1оттаман)

Вай 1амийнарш муьлхарш ю? (хандешан цхьалхенаш, ц1еран х1оттаманаш)

Тахана стенах лаьцна дуьйцур ду аьлла хета шуна вай? (хандешан х1оттаман сказуемих лаьцна)

У т1ехь д1аязйо урокан ц1е.

1алашонаш а юьйцуьйту берашка.

II – карладоккхур вай 1амийнарг. (Дешархоша кар-кара а оьцуш йоьшу предложенеш)

III- керла тема йовзийтар.

Хандешан билгалзачу кепах инфинитив олу. Инфинитиваххий, муьлххачу а саттаман г1оьнан хандашаххий хиллачу сказуемих хандешан х1оттаман сказуеми олу. Масала: Суна ловза лаьа. Яхина деша лаьа. Муса лата воьду.

Хандешан х1оттаман сказуемин коьрта дакъа инфинитив ю, г1оьналлин дакъа г1оьнан хандош ду, х1унда аьлча инфинитиво сказуемин лексически коьрта маь1ан гойту, ткъа г1оьнан хандашо и маь1на гайта г1о а до, сказуемин грамматически маь1на а гойту.

Хьовсал х1окху вайн интерактивни у т1ерачу предложенешка.

Дешархой экскурсе баха кечбелира. Жимачу Хьавана тайнагех ловза лаьа. Кертал дехьа буьрка схьаян вахара Керим.

Д1аеша, шайн тетрадаш т1е д1аязъе.

IV – суьрте а хьожуш, хандешан х1оттаман сказуемиш юккъехь йолуш предложенеш х1иттае (Мерза х1ума яа еза. Шен хеннахь д1авижа веза. Бераш ловза дохку. Иштта д1а кхин а. )

V – сада1аран минот.

Хьала а г1овтий, дег1 оззош куьйгаш ирах дахийта. Цкъа, шозза, кхузза.

Охьаховша. Х1инца кху тайпа хир ду вайн ловзар: ас аьтто куьг хьаладахийтича цкъа вовшах тоха куьйгаш, охьа дахийтича – шозза.

Тоьар ду. Дика ц1ий меттах даьккхи вай. Самукъадаьккхи.

VI – шишшаммо цхьаьна бен болх.

1-ра кехат. Т1ееара шийла суьйре. Мохо дего долийра диттийн г1аш. Арахь шийла ю. Г1ала ваха кечвелира да. Стеган мах цо ша хаддийнарг бу.

2- г1а кехат. Шен т1оьрмаг учахь битира Абус. Раг1у к1ела нуй хьакха йоллура Заира. Когий, коьгий п1елгаш цхьабосса дац. Х1ора 1уьйранна цергаш йила еза. Шозза шиъ – диъ.

3- г1а кехат.Фонетика къамелан аьзнийн 1илма ду. Арахь ц1еххьана дог1а доладелира. Суна кино хьажа лаьа. 1а шийла дара. Жим-жима дог1уш дог1а дан доладелира.

Хьахарчу варианто ц1еран х1оттаман сказуемиш юккъехь йолу предложенеш язйо.

Шолг1ачу варианто – хандешан х1оттаман ерш.

Хандешан цхьалхе сказуемиш юккъехь ерш шиммо а язйо.

 

VII – урокехь бинчу белхан мах хадор.

Дешархоша шаьш  х1иттайо шайна оцценкаш.

VIII –суьрта т1ехь болх бар.

Х1ора б1ог1амна юкъара дош ала.

Цаьпцалг

Леча

Акхтарг

Ча

Н1аьна

Къиг

Маьлказ

Борз

Бумбари

Ч1ег1аг

Наж

Лом

Гезг

Бух1а

Хьех

Чаг1алкх

Пола

Хьоза

Маъ

Зу

Чуьрк

Г1ург1аз

Дакх

Пхьагал

Моза

Кхокха

Поп

Цхьогал

 

 

Ц1ахь бан болх: $$ 8, 9; 29-г1а шардар.

Рефлекси

  1. Х1ун хиира шуна вайн урокехь керла? Масалш даладе.
  2. Пайдехь х1ума карийн? Х1ун?
  3. Т1аьхьа ца кхуьуш, шу ца кхеташ х1умма а дисний?
  4. Ваьш х1оттийначу 1алашоне кхаьчна аьлла хетий шуна?

Баркалла урокехь дакъа лацарна!

 

Самоанализ урока

Категория: Уроки | Добавил: wmaster95 (18 Мая 2016)
Просмотров: 4643 | Рейтинг: 4.3/12
Всего комментариев: 0
avatar

Категории

Последние записи в блогах

27 Августа 2017
Цхьаьнакхетар